Напишите сочинение на чеченском языке на тему Гадаев Мохьмад Саляхь
заранее спасибо
Яздархочун кхолламан хронотоп.
Дуьненан 1илманехь хууш ма-хиллара: муьлхачу а х1уман, муьлххачу хиламан шен хан а ю, шен меттиг а ю. Цунах лаьцна вайн халкъан кица а ду – х1ора х1уман шен сахьт ду. Похьме поэт, прозаик Гадаев Мохьмад-Салахь вина 1909 шеран декабрехь Нажин-юьртарчу Чуьрч-Ирзехь. Циггахь, ша винчу Чурч-Ирзехь, 1972 ша-рахь кхалхар а нисделла цуьнан [1, 4]. Шена Дала делла дуьне-1алам, не-къаш (Чурч-Ирзе – Нажин-юрт – Нохчийчоь – Къилбаседа Кавказ – Юккъ-ера Ази) мел йоккха хало-харцо т1ех1оттарх, адамаллех ца волуш гездина Мохьмада-Салахьа. Са маьрша адам хилла Гадаев. И са дукха т1ех маьрша хилар ца магочу системан хьадалчашна б1арга а вахна, ша дуьнен т1ехь яьккхинчу 63 шарах "30 шо гергга хан набахтешкаххьий, ссылкехь а яьккхина" [2, 31] цуо. Шена хьалха х1уьттучу дахаран тайп-тайпанчу чол-хечу хаттаршна кхачаме жоьпаш лоьхуш, теллина шен халкъан кхетаман а, синкхетаман а дуьне. Цу декъехь дуьненаюккъерачу (дукхахьолах, Евро-пан) 1илманийн кхиамийн маь1не-дуьхе кхийдина [2, 31]. Пайдаэцна (гочъеш-йоьшуш, композицийн хот1е кхийдаш) оьрсийн, Малхбалерачу, Малхбузерачу къаьмнийн литературех, церан литературийн ламастех.
Кхолламан а, кхоллараллин а контекст. Гадаев М. -С. оьмаро чулаьцна хан – кхолламна кхаьчна зама – вайн халкъан исторехь аттачех хан-зама ца хилла: дуьненаюкъара ши т1ом (1914 – 1918; 1939 – 1945), оьрсийн рево-люци (1917), социализман г1уданаш – коллективизаци, индустриализаци (1920 – 1940), халкъ махкахдаккхар (1944), тахна а йист яланза ц1адерзар. Цу юккъехула, нохчийн маттахь г1иллакх-г1уллакх а дуьйцуш, г1иллакхах хьаса шайца боцчу нехан ямартлонаш, къизаллаш. Дуьне даьккхина саьхьа-ра меца синош. Халкъах къацахетарийн тобан декъашхойн дукхалла, церан синмецалла. И шадерг ган а, лан а мел онда собар оьшу кийрахь дог долчу адамна. Тоьлар воцчохь, девне ца вала, кхетам боцчохь, даше ца вала. Дог б1арзечунна х1ун хала ду собаре хила, харцонца тарвала, цунна к1еласаца? Ца гушдерг, ца хезашдерг доцчу метта ма ду. Хезна олуш: "Гадаев М. -С. декъаза кхоллам болуш адам хилла". Аса цуьнан кхолламах лаьцна иштта эр дацара. Мохьмад-Салахь шен даго ма-бохху ваьхна, шена ма-хетта. Хьалхе, хьалха а лелхаш йоккхуш йоций шена вуно дика хаарна, мот-тарг1нашкий, х1илланашкий ца кхийдаш. Доцург ду а ца бохуш, хетарг хе-та а хеташ, луург лаа а лууш. И дакъазалла яц, и ирс ду. Ма-луъу, ма-хетта махкана хьанала, халкъана пайдехьа дахарехь чекхвала хьекъал а, доьналла а тоьъначу адамна хьанала ирс. Вуьшта, шадоллу хетарг а хилла хьан диъна х1ара маьлхан дуьне?
Интертекст. Баркалле, комаьрша адам хилла Мохьмад-Салахь [2, 31]. Цунна и санехь дуй шен хеннахь хиъна: "Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов" [1, 17]. Шен б1аргашна гинарг, лергашна хезнарг, дагна 1аьткъинарг исбаьхьаллин кхетамах чекх а даьккхина, шена Дала делла похьма т1е а хьаьрсина, чоманна т1е чибар чам а тоьхна, халкъера мел дерг, халкъана доккха-деза б1аьрла совг1ат дина, юхадерзина цуо:
"Хьегарах барз хуьлуш хилча, вайшинчух – лам хир бара [1, 40]; Шеконе диллинарг шеллуш ду хьуна [1, 53]; К1ай дуьне дерриг а ваьшшиннан хет-та [1, 38]; Моз санна марзло и орцара г1ов [1, 21]; Деха садиттир вай х1ара де ца дезаш [3, 166]; Ша мал ца далийтчхьана, мел доккха вон ловш х1ума ю хьуна х1ара адаман дог" [ 1,201] и. д1. кх. а.
Башхаллин лакхенаш хьахийча, уггар хьалхалераниг: са дуткъа хила-рал совнаха, цу хенан халкъан кхетаман дукъ т1ера ла ма-торру догц1ена хилар. Нохчийн поэзехь тахна а и лакхе кхинверг кхачанза лакхе ю :
1овжавар.
Вилхи со…
Кхевссина,
Эхь-бехк дицделла –
Моттазниг х1оттаро
1овжавина [1,43].
Сурт
Елха хьо, испанхойн нана,
Елха хьо, Хийла сурт лайна шайн латта а т1адош.
напишите, пожалйста, сочинение на чеченском языке КЕГИЙ ЙИЙСАРШ
Это вымерший язык..