Как найти изложени ламанан хи как найти ее
Незнаю
ЛАМАНАН ХИ (ИЗЛОЖЕНИ 8-Г1А КЛАСС).
Ирча хуьлу ламанан хи дистича. Охьанехьа дукха чехка дог1уш хиларна, шена дуьхьал нисъелларг охьатухий, хьоший, кагйой д1айоккху цо. Лекха бердаш лахара огий, чухерцадо, орамашца бух а дохуш, дитташ охьакхоьхьу. Х1аваъ дегош гонаха г1уг1 лаьтта.
Хин мокха пен х1инца шерра гуш т1аьхь-т1аьхьа схьат1ешершаш, боккха хуьлуш хилла. Инзаре г1овг1а яьккхина цо. "Кхуьур вац, х1ал-лакъхили тхойшиъ", - аблла, Лоьмина дагатоссушехь, ма-йогг1у говр хаьхкина шайна орцах вог1у бере гина цунна*. Иза тхан объездчик Салахь хилла. Цунна дуьхьалхьаьдда Лоьма, Хьасан а текхош.
Салахьа, ша т1екхоччушехь, говр юха а хьовзош, катоьхна шена хьалха хьалаваьккхина Хьасан.
Схьат1етасало т1еххьа! - мохь тоьхна цо Лоьмига.
Д1алалла! - аьлла, Лоьмас, мохал маса ша д1а а эккхаш. Цкъа вухахьажа кхиъначу Салахьана гина юххе кхоччуш доллу дистина дог1ухи. Хьалха кхийда саьрмикан моттсанна, ирча хилла хин юьхь. Лаьххьара ницкъ т1ебахийтина, кхин а чехка ведда Лоьма. Бергашца жаг1а юхабетташ йоьдучу говрана юххе а иккхина лалвелла, т1екхаьч- начу хин юьхьо к1ажийн пхенаш а дашош, боьрана сехьа иккхина Лоьма. Иаккха, ирахь латта г1ор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна иза.
Хин г1овг1а х1инца лакхахьара а схьахезаш, гонахара х1аваъ дуьзна. Меллаша корта хьала а айбина, д1ахьаьжначу Лоьмина берриге а боьра хиэ д1алаьцна гина. Кхин зен ца хуьлуш, шаьш к1елхьарадовлар хазахетта, Хьасане хьаьжна, велакъежира.
Молча
Введите в поиске изложени «Ламанан хи»
Сочинение ламанан хи