Напишите пожалуйста слова песни :Амина Ахмадова "Седане кхийда"
Генарчу седане кхийдаш
Дуьненна тосур те го
Сихъелла дахарехь хьийзаш
Тилъелла лелар те со
Адамийн дикаллех тешна
Деха йиш хир юй те гIо
Йа хало цалайна эшна
Довза а кхуьур ю вон
Йа ирсо айъина лекха
Хьостур те со кхолламо
Дахаран гуш боцучу некъах
ХIу хир ду хIу хир ду сох
Цхьа гIалат даьллачу дийнахь
Хьа меттан хIоттор ю со
Доьхначу декъазчу сина
Мичхьра кхочурду гIо
Даима са куьг а лецна
ЦIаа ца шаршийта ког
Дас Нанас соьга а хьаьжна
Кхерамах лардийрдуй дог
Шеконе кхочурду деха
Метта а синнекъаш дол
ХIай адамаш дахаран некъах
ХIу хир ду хIу хир ду сох
Ца доьвзург довза а деза
Кхайкхийна са кхолламо
Халонаш лан ю со реза
Дагна ас паргIато ло
Дуьненна къайленаш ешна
Хаарца эрдара дош
Хуушду дахарел эшнарг
Ша шена вайна ма го
Седане кхийдар ю лекха
Ирсах а дуьллур дац дог
Цахаахь дахарен мегIах
ХIу хир ду хIу хир ду сох
Седане кхийдар ю лекха
Ирсах а дуьллур дац дог
Цахаахь дахарен мегIах
ХIу хир ду хIу хир ду сох